Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хІума аса хьуна дІало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаІабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!» Шаулан кІентан кІант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тІера хІума а ца цІанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тІекхаччалц. Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогІуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хІунда ца веара?» Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тІе нуьйр тилла. Цунна тІе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагІа волу дела. Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де. Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хІаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хІума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хІума бахьана долуш гІо доьхуш кхайкха». Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла». Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргІат цІа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дІаэцахьара». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла.
Выбор основного перевода