Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цІахь яа хІума юуш вара, ша цуьнан кІант волуш санна. Мапи-Бошат Ярушалаймехь Іаш хилла, хІунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хІума юуш хилла. Иза шинна а когана астагІа хилла. Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цІийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кІант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хІаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хІума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хІума бахьана долуш гІо доьхуш кхайкха».
Выбор основного перевода