Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо. Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь, айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагІа хІаллаквина хилахь а». ЯхІунатас Даудан цІенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагІашна!» ЯхІунатас, чІагІо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хІунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. ЯхІунатас Дауде элира: «Марша гІойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чІагІо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тІаьхьенна а, сан тІаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву».
Выбор основного перевода