Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гІала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра. ГІалина юккъехь лаьтташ цхьа чІогІа бІов яра. Цу гІалара массо а вахархо, и бІов йолчу дІа а вахана, цуьнан неІарш дІа а къевлина, цу бІаьвнан тхов тІе велира. Абу-Малик шеца хиллачаьрца бІаьвнна тІелетира. Иза, цуьнан неІарш цІарца яго дагахь, бІаьвнна улло вахара. ТІаккха тхов тІехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тІулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира. Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дІаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира.
Выбор основного перевода