Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоаб Іамминхойн Рабба-гІалина дуьхьал тІом беш вара. Цуьнан паччахьан гІап схьаяьккхира цо. Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гІалахь тІом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна. Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гІалина тІе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цІе тилла езар ю». Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДІа а гІой, чІагІо а е, хІинца чул тІаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хІунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна». ТІедеанчу шеран бІаьсте тІееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гІала бигира, цигахь исраилхошца тІом бархьама. Цхьа шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Іамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гІалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гІала, схьа а яьккхина, йохийра.
Выбор основного перевода