Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хІунда белла техьа пІелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагІийн куьйгех кІелхьара а дохур ду». Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо». Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама». ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тІекхаччалц, Со цІа чохь Іийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Іийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш.
Выбор основного перевода