Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Якъуба элира ШимІе а, Левига а: «Аш суна тІе бохам баийтина, кху лаьтта тІехь Іаш болчу канаІанхошна а, перезахошна а со бІаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тІелатахь, цара со а, вай массо а хІаллаквийр ву». Цул сов, ГалІад-мохк а, гешурхойн а, маІхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гІалина тІекхаччалц болу Башан-мохк а, Амма исраилхоша Гешур а, МаІха а мехкашкара бахархой дІа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Іаш бу уьш. Шен вежарех ведда, Яптахь ТІоба олучу махка дІавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. Царна орцахвала стаг вацара, хІунда аьлча ЦІадан-гІала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гІала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогІи чохь лаьтташ яра. Йохийна гІала лаьттинчу меттехь данхоша керла гІала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. Рахьубан кІант ХІадад-Іезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. Цоба-мехкан паччахь волчу ХІадад-Іезарна гІоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хІаллаквира.
Выбор основного перевода