Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тІе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дІалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дІахаийтархьама“». Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТІаккха Ахьаба хаьттира: «ТІом хьан дІаболор бу?» «Ахь болор бу», – элира цуьнга. Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бІе ткъе шийтта хилира. Цул тІаьхьа дерриг а эскар шена тІекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхІ эзар вара. Делкъахенахь уьш тІамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Іаш волу Бен-Хьадид шена гІо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. Уггаре а хьалха арамхошна тІегІоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гІалара халкъ арадаьлла хилар дІахаийтира Бен-Хьадиде. ТІаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тІамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла. Хьалха Шамран-гІалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тІаьххье эскар а араделира. Царах хІораммо а шена дуьхьалваьлла мостагІа хІаллаквора. ТІаккха арамхой дІабевдира, ткъа исраилхой царна тІаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тІехь кІелхьарвелира. Иштта тІегІоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гІудалкхаш а хІаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тІехь.
Выбор основного перевода