Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа хан яьлча, Іамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьануни. Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кІантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш. Даудан ялхой Іамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама. Амма Іамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тІе хІара догъоьцурш? ХІан-хІан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тІаьхьа иза бохо дагахь». Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хІораннан а месаш дІаешира, цул тІаьхьа, царна тІера бедарш вареш тІе кхаччалц дІа а хедийна, уьш дІахийцира. Цхьаболчу геланчаша, дІа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тІедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чІогІа юьхьІаьржачу хІиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тІаьхьа цІа догІур ду шу», – аьлла. Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахІарайма а, Арам-МаІха а, Цоба-махка а, цигара гІудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама. Иштта, ткъе шийтта эзар гІудалкх а, МаІхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Іамминхоша. ХІорш схьабаьхкича, Мейдеба-гІалина уллохь меттамотт дІахІоттийра. Іамминхой, шайн гІаланашкара схьа а гулбелла, тІом бан арабевлира. Шена иза дІахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тІемалой а болуш. Іамминхой, гІалин кертара ара а бевлла, тІамана кечбелла кевнехь дІахІиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара. МостагІчун эскарийн могІарш шена тІехьа а, хьалха а дІахІиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тІемалой арамхошна дуьхьалбехира. Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дІабелира, ткъа цо уьш Іамминхошна дуьхьалбехира. Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гІо дийр ду, нагахь санна Іамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гІо доккхур ду. Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гІаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду». Йоаб шен эскарца арамхошна тІелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дІабахара. Шайна арамхой дІауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гІала дІабахара Іамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агІор Іаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шупака. И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТІаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дІахІоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира. Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ эзар йохийра, ткъа гІашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шупак а вийра. Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХІадад-Іезаран куьйга кІел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хІуттура Іамминхошна гІо дан.
Выбор основного перевода