Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. Царах хІорамма а шен Іаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхІаронан Іасано дІакхаьллира церан Іасанаш. Амма Хьалом (гочйича и цІе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза. «Иблисан кІант а, нийса долчун мостагІа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кІордор дац те хьуна цкъа а? Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
Выбор основного перевода