Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира. Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла.
Выбор основного перевода