Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара.
Выбор основного перевода