Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта. Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хІаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза. Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бІаьргаш. Сина кІезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Іемина ду саьхьара гІуллакхаш лело. НеІалт хилла нах бу уьш.
Выбор основного перевода