Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
qac Оqac*ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со, хІунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со. Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо.
Выбор основного перевода