Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иза аса шуна тІе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хІума ду аьлла боху аса. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цІарах хьоьга майрра дІахьедан йиш ю сан. Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахІал ву. Цул сов, хІинца, Дала леррина Къобалвинчунна Іамал ярна, со тутмакх а ву. Делахь а хьан пурба доцуш хІумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гІуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна. Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тІаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гІуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.
Выбор основного перевода