Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Со дІавеанчул тІаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дІахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дІадалийтархьама. Нагахь сан Ярушалайме дІавар диканца хилахь, уьш соьца дІабогІур бу. цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. Цундела оха Тите чІогІа дийхира, ша долийна долу и дика гІуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гІо де аьлла. Шаьш дан долийна гІуллакх хІинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хІетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гІуллакхна аша дакъа дІадалар. Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара.
Выбор основного перевода