Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгІат карахь а дахьаш ван веза». Шайна диканиг дан догІучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь. Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дІа а гІой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь. Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хІокху йисна Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хІокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира». «Бакъдерг боху шуьга, – элира Іийсас, – хІокху йисина Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хІумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».
Выбор основного перевода