Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хІокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира». Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду.
Выбор основного перевода