Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Делан садеІаро уьш хІаллакбо, Цуьнан оьгІазлоно уьш боха а бо. Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. И де догІур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, муьлххачу а лекхачу бІаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаІийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача. Стагах бІобулий ма Іе – мерІуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тІетовжа йиш юй ткъа? И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода