Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода