Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДІахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цІеххьана хІаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хІаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац. Цаьрга Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цІеран олаллица Ас уьш Іалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хІаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тІехь дерг кхочушхилийтархьама. Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь. Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хІинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода