Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
шаьш кІело йиначуьра схьа а довлий, гІала дІалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза. Везачу Эло ГадІане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бІе стагехула шу кІелхьара а даьхна, маданхой шун кара дІалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цІа бахийта». Цу хенахь Делан деза тІорказ цигахь хилла. АхІаронан кІант волчу ЭлиІазаран кІанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гІуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тІамца дуьхьал довла дезий тхо?» Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дІалур бу». Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу».
Выбор основного перевода