Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира». ТІаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гІаттий, КъаІила-гІала дІагІо. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Ахьи-Маликан кІант Абу-ЯтІари, ведда, Дауд волчу схьавогІучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера. Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хІума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтІарига элира: «Схьая и ийпад». Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата.
Выбор основного перевода