Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. Іеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хІунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху. Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хІунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий. Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.
Выбор основного перевода