Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Іалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь. Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула луш долчу кІелхьарваларна тІевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.
Выбор основного перевода