Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. Иза инзарвала хІума дац, хІунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела. ХІунда аьлча Дала вайна кІиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла. Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гІоьнца ларделахь. Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла.
Выбор основного перевода