Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург. Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хІинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хІума а дІало Ас шуна юучунна. Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоІ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чІогІа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара. Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дІадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.
Выбор основного перевода