Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедар динчул тІаьхьа, иза кхин дІа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду». Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе. Цаьрга хьагІ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кІелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? Хьох лаьцна-м хІара эр ду ас: хьайна Іемина долу а, хьо тешна волу а и гІуллакх кхидІа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.
Выбор основного перевода