Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хІаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггІу кхел йийр ю. ХІунда аьлча товрат-хьехамашка ладегІарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тІедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хІун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву.
Выбор основного перевода