Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шаьш новкъа довлуш, некъан тІоьрмаг а схьа ма эца, шайна тІехь йолу бедаршший, мачашший бен. Іаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. Оцу цІа чохь Іе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хІунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХІусамаш ма хийца. Шаьш гІала а дахана, цигахь тІеэцахь, шайна елларг яа, Ткъа Делан дош тІеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.
Выбор основного перевода