Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дІа мел хьажийначу метте гІур ву хьо. Аса хьайна тІедиллинарг дІа а эр ду ахьа. ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода