Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хІара куьйгаш дуйла. Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гІийлачарна гІо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Іийсан дешнаш: „ХІума дІадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“». Безамо доллу хІума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу. Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву. ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.
Выбор основного перевода