Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». Аса хІу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хІу хьалакхиийнарг Дела ву. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гІуллакхаш а, инзаре хІуманаш а, нуьцкъала гІуллакхаш а дора.
Выбор основного перевода