Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду. Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду. Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дІахІоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цІена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. Дала суна тІедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гІуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта.
Выбор основного перевода