Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо халкъе элира: «КхозлагІчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гІо». Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо». Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама». Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хІинца зуда ялийнарг ша вехачу хІусамера, нускал а арадолийла шен цІа чуьра. Дела зе а гІоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гІерта Дала леррина Къобалвинарг зе. Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тІехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.
Выбор основного перевода