Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сан денош геланчел а сиха дІаоьхуш ду, цхьа а дика ца гуш, уьш дІаоьхуш ду. «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. Адамийн денош а, тІеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а. «Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду. Цхьа хІума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.
Выбор основного перевода