Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. Аша-м хаттар до: «ХІун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дІасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тІе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».
Выбор основного перевода