Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.
Выбор основного перевода