Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш. Иза шуна тІедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. Цу тІехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хІунда аьлча стохка и дика гІуллакх долийна а ца Іаш, и доло лаам а хилла шун. Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тІехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тІеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза.
Выбор основного перевода