Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргІат а дохур ду». Иштта, нагахь Адамийн КІанта шу паргІатдахахь, шу билггал паргІат хир ду. Къинойх паргІатдевлла долу шу, хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. Царна муьтІахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргІанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. Лай тІеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тІеэцахьара ахьа иза. Суна чІогІа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву. ПаргІат даха, амма цу паргІатона тІехьа а лечкъаш, вон гІуллакхаш ма леладе, хІунда аьлча шу Делан леш ду.
Выбор основного перевода