Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хІуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира. Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бІе, кхузткъа, ткъе уьттазза дІадийначул сов а луш. Лергаш долчунна хІара хезийла!» Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу.
Выбор основного перевода