Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. Айса хаза кхаъ дІакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цІе евзаш йоцучу меттигашкахь а дІакхайкхо, иза кхечо дІахІотийначу бух тІехь ца дархьама. Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кІелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахІала шуьга яз-ма-дарра.
Выбор основного перевода