Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьажал, хьо цІанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь. Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо. ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш. И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
Выбор основного перевода