Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.
ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар.
Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву».
цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,
ХІунда аьлча хьагІ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду.