Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гІалин кевнера мостагІий дІалохкучарна доьналла лур ду. Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама. Цунна тІе дуьйла. Наха дІатесна болу дийна ТІулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Выбор основного перевода