Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу. Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. Иштта доІа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цІахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доІа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тІехь шу чІагІделла хилар а доьхуш. Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама. Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хІунда аьлча безамо дукха къинош дІахьулдо.
Выбор основного перевода