Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аша массо а хІума безамца деш хила деза. Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догІур ду. Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. Ваьш сатуьйсург чІогІа лардан деза вай, хІунда аьлча ваІда Динарг тешаме ву. Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гІуллакхашна а ваьш иракара а хІиттош. Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хІунда аьлча безамо дукха къинош дІахьулдо. Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна. Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву.
Выбор основного перевода