Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?» Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина. ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. Аса ца боху, оцу массо а хІумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас со дола ваьккхинчу Іалашоне кхача гІерташ ву со. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
Выбор основного перевода