Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хІун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хІума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь? Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хІуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те? Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тІамана бан беза кечам? Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду.
Выбор основного перевода