Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хІунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло. Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хІораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш. Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тІедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дІакхайкхор. ХІораммо а, шен-шен бен гІайгІа йина ца Іаш, кхечун а гІайгІа е. Массара а, Дала леррина къобалвинчу Іийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху.
Выбор основного перевода